
|
Росси а, Вай а.
Х1ай Росси хьам ц1къа а Дела ца хиллий ! Йа И хьуна Реза маца хилла алий? Йа хьо хьанна маца эшна ю алий? Хьо хьанна г1ерта хьайн нуьйра тилла? Варх1 эзар ах эзар шо долчу къоманний? Далла т1етоьвжина кхелинчу кхетамний? Сил дукха беэачу турпалчу махканний? Хьо хьаьнгара г1ерта и къаруо яккха? 3 Не1алтах хьо хьерчаш,хьакхаршца дебаш. Лулахойн ц1ий 1енош,талораш даржош. Иблисан(а-б.)боьхалла дуненчохь яржош. Тхо-м Делах а кхоьруш кху махкахь даьхний. Хьун хьакха воьдучо,диттех диг леч1къош. Мангала воьдучо, и бецах леч1къош. Шен саг1а доккхучо,хьайбнех урс леч1къош. Къинхетам пусар а долуш-м тхо дехий . Х1ай Росси,тхуна т1ехь-м элий ца хиллий! Хьуна къарделлачу цу къаьмний санна. Ахьа кхийдочу хоьскех, хьуна тхо дохка. Бергалуо масаллаш гуш ду дуьненна. Эзарнаш синошкахь ж1аьлех шу хуьйцуш. Адамаш шу ц1къа а цо лаьрра а доцуш. Шуна маршо йовзахьара г1оттур яра вас. Шун ц1ийца цамгар ю боьха ун даьлла. Шун лулахь волчунна сихонца кхеташ. Синакхетам лай-амал,даь1ахкех йоьлла. Маьрша Нах цабезар, доьналла хеташ. Делаха тешаш верг, шуна 1овдал хета. Адамалла долуш верг, аша сийсаз лора. Гергарло долуш верг, шуна акха хета. Шен дешан да верг, аша сонта лора. Ваша вер,йиша хьийзор ,шун аматехь ду . Да-Нана д1акхоссар, шун 1едалехь ду . Шайн бераш д1акхиссар,хьалхе а шоьхь ю. Шайн Нах байъарца а,массарел тоьлла шу .
Шун диканах ца кхийринарг,шун вонех вер вац. 10. Шун дика доьвзинчу , тхан Дайша баьхна. Ерриге хьан цамгарш сан йийца ниййат дац. Шу дезаш дуненчохь , цхьа Къуонах ца ваьхна. Валарчу вирзинчу воккхачу Дадийна. Ховхан и г1ов къуьйлу йоккхачу Бабийна. Аганахь кхуьучу Нохчочун К1антанна. Хьо маца эшнера алахьа соьга Росси. 12. Эхь-бехках ц1ена ю ,1амалах шайт1а санна. Цу Далла гена ю , баттанна малх санна. Г1иллакх-оьздангалла, х1у ду а хаац хьуна. Хьо елла, йа йоьхна и Де ган лаьар суна.
|
|